Мои Стих Вай Ирсен дехар ду на Чеченском языке

Главная - Мои стихи о Боге, о Пути и другие - Мои Стих Вай Ирсен дехар ду на Чеченском языке

Мои Стих Вай Ирсен дехар ду на Чеченском языке

1
Вай массо Ирсана кхоьллина хиллера,
Ткъа цунах кхета вай хьекъал ца тоьира.
Бахам Ирс ду моьттуш иза вай лийхира,
Ткъа цунах цкъа а стаг 1ебарг ца хиллера.

Припев
Бахамах Эхь - Яхь а, Сий - Дош а доьхкина,
Вешан вай дахараш ца хууш дохийна,
Г1иллакхаш Оьзделла, вай т1ехьа теттина,
Сий доцу лай хилла вай къам д1а х1оьттина.

Ма ала ма ала вай Маьрша кхин хир дац,
Кхоьлина сибаташ вай сирла догур дац,
Хазачу б1аьргаш чохь безам а кхин хир бац,
Харцонна керара вай Маьрша кхин девр дац.

2
Г1иллакхаш дендаро, Оьзделла ден йийр ю.
Оьзделла ден йелча, Сий метта х1уттар ду.
Ткъ вайн Сий хиларо Нийсо д1а х1оттор ю,
Вовшашна лай хила вайна Эхь хетар ду.

Припев
Лайнаш йовсараш а махкара йовдар ю,
Эхь доцу харцонаш махкара д1а йевр ю,
Взятканаш луш ийеш заддаш а кхин хир дац,
Цул т1аьхьа цкъа а кхин Нохчийн Барт бухур бац.

Уггара вай Сий деш, уггара вай лардеш,
Дала делла долу Г1иллакхаш хир ма ду.
Оьзделла, Эхь - Яхь а, Собар а хир ма ду,
Цара Къонахий деш, вай Ирсен дехар ду.

Пока все. Если время будет, добавлю еще.


Назад   Вверх   На главную 

Скачать бесплатно Книгу Вся Правда о Чеченцах или Секрет...

01.11.2010