Мои Стихи о Пути на Чеченском языке - Часть 2

Главная - Мои стихи о Боге, о Пути и другие - Мои Стихи о Пути на Чеченском языке - Часть 2

Мои Стихи о Пути на Чеченском языке - Часть 2

Новкъара  Вохавахь

1.
Делаца гергарло д1атаса дагдеъна,
Жайнаш а, Къуръан а, хьо деша ва воьлчи,
Къевлина б1аьргаш схьа, Къуръано дилличи,
Хьуо Дэла ву моттий, кура ма валалахь.

2.
Ткъа кура хьо ваьлла айдина къамел деш,
Хьо эшон г1ертараш, Г1иллакхах ва бохахь,
Хьуо Эла вуй хууш, хьуо цаьрца ца нислуш,
Г1иллакхца лакхе юй, хууш къамел делахь.

3.
Бакъдериг Г1иллакхца г1ертарах хьо дийца,
Дарбанца нахана, Г1о дан хьо г1оьртичи,
Хьайха нах ца кхеташ, Тешамах вохийчи,
Б1аьргаш схьа диллинчу Къуръан чу хьажалахь.

4.
Айхьа г1елдина Са, Къуръано дузийча,
Юха а х1ара дуьне, дош доций ва хиъча,
Къинт1ера валарца ойла хьайн д1а ц1анъяй,
Цу Дэлан ойланех хьайн ойла тасалахь.

5.
Цу Дэлан ойланца хьуо тайна ва ваьлчи,
Нийсачу новкъара ца лаахь д1авала,
Хьайн коьртах вон ойла, чу г1ерта ва йоьлчи,
Хьайх хьайна Эхь хетий, и коьртах яккхалахь.

6.
Муьлхха а вон х1ума ахь стагах дийцичи,
Эладита ахь дарна, Эхь хетий ц1ий лолахь,
Нах хестош хьо хилахь, шаьш хестор дог дохуш,
Хьо волчу х1усаме нах г1ертий хаалахь.

7.
Накъосто ма г1атта пурба дац ва аьлчи,
 Дехаре ладог1ий хьо хаий ма 1елахь.
Ахь пурба ца делла, хьайн доьхьа меттах хьа,
Ас лоьрург Дэла ву, алий хьала г1атталахь.

8.
Нахана ца гург а Далла гуш ду хьуна,
Хьо воцург х1ара дуьне, Ша Дэла ву хьуна,
Цу Дэлан Г1иллакхех, цкъа а хьо ца вохахь,
Цу Дала Шен къайлеш хоуьйтур ю хьуна.

9.
Дуьнено хьайх тешна хьуо ирах айъичи,
Хьайх тешна адамаш, хьо дицдай ма 1елахь,
Даарах вуьзина, хьуо метта ва ваьлчи,
Хьайх тешначу адамийн ахь хьал ма дицделахь.

10.
Кху хазчу дуьненахь х1уъаъ ахь лелийнарг,
Ца хууш динчунна, гечдина ду хьуна.
Хуушехь вон дераш, ахь х1инца леладахь,
Бекхамца цу Дала ч1ир оьцур ю хьуна.

11.
Х1ай хьоме къонаниш бахам дош дац шуна,
Мел дукха хиларах, шу 1ебар дац шуна.
Аш мерза йоккху хан, Ялсмане ю шуна.
Ийг1ина йоккху хан, жоьжхате ю шуна.

12.
Шалхенаш аш йуьйцуш ц1ена дог шайн бехдахь,
Цу къеллин къаьхьа кад, аш муьйлур бу шуна.
Дог ц1ена цхьа къамел, даима шун хилахь,
Дуьненан бахамах шу дузур ду шуна.
Аьхке – 1992 шо


Хилларг – 4

1.
Шайха ша лай дина х1аллак ден адамаш,
Шегара даха и, воллий хууш долу,
Цунна гураш дог1а, шайт1а ма хьаьвзира,
Амма и цуьнга ша,1ехан ца валора.

2.
Т1аккха цуо дарба дан, цунна ма 1амийра,
Къинош долу адам, цунна т1е лаьллира,
Царна ша дарба дан, и вола велира,
Церан къинош такха, шен дезий ца хууш.

3.
Ши шо ша даьккхинчу Ялсмана хьолера,
Цу Дэлан Ирсечу дуьненна ва чуьра,
Къуръанах, Динах а, шен тешам ва байна,
Харц долчу дуьненна, и ша чу велира.

4.
Къинойх ша ц1ан а луш, цу Сина и къиза,
Баланаш ша 1ийша, иза ма велира.
Шой, кхо бутт, зама ша, меттахь а яккхина,
Да велча дуьне ша, цунна ма дуьйхира.

5.
Шен Да бен Бакъ волу, кхин Къонах ца гарна,
Иза ша д1а ваьлча, ша шеха шек ваьлла,
Къонахаллех валар, и валар дуй хууш,
И диц ца далийта, цуо илли яздира:
Аьхке – 2006 шо


Къонаха

1.
Вайнехан маттахь бен шен ц1е а йоцуш!
Нийсонна Г1о деш бен ч1аг1луш а йоцуш!
Дуьненан бахамах эца лур йоцуш!
Цхьа ц1е ю дуьненахь йицйина лелаш!

(т1аьхьара алар)
Къонаха ц1е ю и хьан Сина ницкъ луш!
Шийлачу харцоне яйъа лур йоцуш!
Къизачу 1ожаллех чекх са а гойтуш!
Дуьненахь ма барра Нийса некъ гойтуш!

2.
Хьаг1-гамо, вас-х1илла, шеца ца йог1уш!
И ц1е шен юй хиънарг цкъа оьшур воцуш!
Г1иллакх, Яхь, Эзделла, хьан дагчохь латтош!
Цхьа ц1е ю дуьненахь йицйина лаьтташ!

(т1аьхьара алар)
Къонаха ц1е ю и хьан Сина ницкъ луш!
Шийлачу харцоне яйъа лур йоцуш!
Къизачу 1ожаллех чекх са а гойтуш!
Дуьненахь ма барра Нийса некъ гойтуш!

3.
Х1ай Нохчийн жима к1ант, ладуг1уш хилалахь!
Ахь жима воллушехь и ц1е ларйелахь!
Хьо жима воллушехь и ларйеш хилахь!
Дуьне а Эхарт а хьай хир дуй хаалахь!

(т1аьхьара алар)
Къонаха ц1е ю и хьан Сина ницкъ луш!
Шийлачу харцоне яйъа лур йоцуш!
Къизачу 1ожаллех чекх са а гойтуш!
Дуьненахь ма барра Нийса некъ гойтуш!<

4.
Вайнехан маттахь бен шен ц1е а йоцуш!
Нийсонна Г1о деш бен ч1аг1луш а йоцуш!
Дуьненан бахамах эца лур йоцуш!
Цхьа ц1е ю дуьненахь йицйина лелаш!

(т1аьхьара алар)
Къонаха ц1е ю и хьан Сина ницкъ луш!
Шийлачу харцоне яйъа лур йоцуш!
Къизачу 1ожаллех чекх са а гойтуш!
Дуьненахь ма барра Нийса некъ гойтуш!
Аьхке – 1994 шо


Хилларг – 5

1.
Т1ом баьлла Нохчийн къам карзаха хьаьвзичи,
Адамаш шайт1ано х1аллак дан долийчи,
Ша Динан х1у тесна т1ом сацо ниятца,
Жайна а, байташ а, цуо ша ма яздира:
Аьхке – 2006 шо


Жайнан Хьалхе

1.
Б1аь ткъе виъ эзар Пайхамар Дала, адам нисдан ваийтира.
Царна делла дерриг 1илма, адамо ша тиладира.
Цу дерриге 1илманаша, дукха х1ума ца бохура.
И 1илманаш тодан г1ерташ, царех даккхий жайнаш дира.

2.
Цу тептарийн к1орге кхача, г1ерташ адам, кхетан ца луш,
Дикий – вой кхин къаста ца луш, 1ожалло уьш д1а бигира.
Дерриг Динаш вовшах тоха, х1ара жайна дог1уш ма ду!
Дэлан Дашца, доцца олуш, адмаш вовший кхетар ма ду!

3.
Муххаъ адам къестош долу, х1ума царна, д1аьвше ма ду.
Адам дезар, адам ларар, Далла доккха совг1ат ма ду.
Цхьан адмацаъ (йиша – вешица, Деца – Ненаца, доьзалхочуьнца), ийг1ина стаг,
Дэлан Дикнах хаьдда ма ву.
Цхьан адмана (бехк а боцуш) вас йина стаг, шен Дэлана вас йеш ма ву.

4.
Дерриг Дала бохуш дериг, Дика хила, бохург ма ду.
Харцо харц йеш, Бакъо Бакъ йеш, Нийса вола бохург ма ду.
Муьлххаъ адмийн Барт бохош дерг, Дэла реза воцуш ма ду.
Ткъа Нийсон т1аьхь Барт беш дериг, Далла дукха дезаш ма ду.

5.
Ойла лаам Дика хиларо, меттан къамел ц1андийр ма ду.
Меттан къамел ц1ена хилчи, адмашна хьо везар ма ву.
Цхьанге а ма дийца бохуш, ден къамелаш, къинош ма ду.
Адмех лечкъош ден къамелаш, 1еса хилар бакъ а ма ду.

6.
Нехан х1умнах хьоьгуш хилар, дакъаз вала бахьна ма ду.
Цхьан адмах а, хьо ца вашар, бала хьайна бехар ма ду.
Х1уманах цец волуш хилар, хьекъал доца хилар ма ду.
Сиха хилар, эг1аз эхар, Са гатделла хилар ма ду.

7.
Шега йехнарг д1а ца ялар, шен Са меца хилар ма ду.
Мел вон стаг а, ахь ца ларар, Тешам байна хилар ма ду.
Бахам, хьелаш гулдеш хилар, Дика хила, г1ертар ма ду.
Амма гулдеш нахах хадар, стаг сутара валар ма ду.

8.
Дукха бахам гулбеш вериг, питана ша гулдеш ма ву.
Адмех кхера, Тешам бан а, иза тоьъуш бахьна ма ду.
Г1иллакх, Г1уллакх, Яхь, Эзделла, лелор дерриг 1илма ма ду.
Адмаш баланашкахь хилар, царна гена довлар ма ду.
Аьхке – 1995 шо


Хилларг – 6

1.
Т1ом сацо ниятца ша жайна яздина,
Кассета кечйина, Динан х1у даржийна,
Х1у кхиа ва доьлла, Дала т1ом сацийча,
Т1ом бицбеш шайт1ано, халкъ хьийзо долийра.

2.
Вайнехан Г1иллакхаш, Эзделла, Эхь Яхь а,
Жималла – Воккхалла, Ларам, Къонахалла,
Д1адаьлча Нохчолла, д1адолий ва хиъна,
Вайнехан 1адаташ, д1а цуо ша яздира.

3.
Ша кхайкха деш дериг, шен чуьра д1адоло,
Ша дезий ва хууш и шен ц1а веара.
Шен кертахь цкъа Нийсо, д1а х1отто ва йезаш,
Нене, йишийга а, цуо ша ма элира:

4.
«Вайнехан 1адатца, Да – Нана къаьстича,
Бераш делахь Деца, уьш диса дезаш ду.
Цундела и бераш, церан Дега д1ало,
1адаташ д1а кхайкхо, со декхар долуш ву!»

5.
И бераш шайна д1а, дала ца лаарна,
Наха а Ненан ц1ахь, уьш лелош хиларна,
Тайпанан баккхий нах, виъ, итт а, пхийтта а,
Цунна шаьш т1екхилла, уьш буьйла белира.

6.
Шайн ц1ахь а йо1арша, шаьш ц1а а далийна,
Леладеш и бераш шайн ц1ахь а хиларна,
Цуо бераш кхин юха, дала ца дайтича,
Хьерваьлла и бохуш, уьш кхайкхо буьйлира.

7.
Массо а и вевзаш, мел долу адамаш,
Хьерваьлла и хиларх, цара шаьш тешийра.
Динах д1а хадарна, ч1ог1а  г1елвеллера,
И Нийса хиларна, Дала и толийра.

8.
И къарван ца велча, и 1ад а витина,
И йиша шаьш маре, цара д1а йелира.
Ц1ийнан – Да, ков – керт а, хенаца шен к1ант а,
Шен долуш и йиша, ша яха хиира!

9.
Делахь а хьерваьлла, аьлла т1екхоьллина,
И ц1е цуьнан даг чохь, латта ма йисира.
Доьхьал а ва ваьлла, шаьш аьлларг ца дарна,
Цабезам, херо а, цуьнга ма йиснера.

10.
Цул т1аьхьа хиллараш, цуо лайна бала а,
Шега д1а дийцича, ша цунах къа хетта,
Даш санна лелина, ша д1аг1ур ма бара,
Казбек а, Башлам а, цу Б1овлойн и лам а!

11.
15 шо хьалха ша, схьа лаьцна болу некъ,
Г1елвелла, бицбала, х1аллак хиларна а,
Ша герга ва вахчи, Са кхачон ва доьлчи,
«Жоп лолахь Ахь!» - аьлла, и Дэле кхайкхира.

12.
Цуьнан цу даг чу и, шайт1ано боссийна,
Цатешам, эг1азло, моьттурш а д1а даха,
Цуьнан дог ц1андан а, некъа т1аьхь ч1аг1ван а,
Х1ара байташ цуьнга, Дала язъяйтира.
Аьхке – 2006 шо

Переходим на следующую страницу: Мои Стихи о Пути на Чеченском языке - Часть 3


Назад   Вверх   На главную  На следующую

Скачать бесплатно Книгу Вся Правда о Чеченцах или Секрет...

01.11.2010