Мои Стихи о Пути на Чеченском языке - Часть 1

Главная - Мои стихи о Боге, о Пути и другие - Мои Стихи о Пути на Чеченском языке - Часть 1

Мои Стихи о Пути на Чеченском языке - Часть 1

Бисмиллах1ир - Рахьмани - Ррахьими!

Хиндерг

1.
Аллах1а Шен ц1еран доьхьа, х1ара къамел ас деш ма ду,
Сайна хиънарг д1ахаийта, Ирсе, Декъал, шу хилийта.
Цхьа пхиъ - итт шо хан ялале, 1едал нийса нислур ма ду,
Массо Адам Шайх хир ма ду, массо Ирсе дехаш хир ду.

2.
Массо вуьзна, вела-велла, векха-велла ша хир ма ву,
Массо а т1аьхь - когахь долуш, чу ваха ц1а долуш хир ву.
Адам шайгахь хало - бала, Сингаттам а боцуш хир ду,
Вовшашца Са мукъа долуш, вовший дукха дезаш хир ду.

3.
Уггар хьалха Нийса 1едал, Нохчийчохь д1а х1уттар ма ду,
Т1аккха масал шаьш д1аоьцуш, дерриг къаьмнаш нислур ма ду.
Эзда, Г1иллакх, Эхь - Яхь долуш, массо Нохчо ша хир ма ву,
Нохчо ша ган, Са тессина, дерриг къаьмнаш шаьш хир ма ду.

4.
Х1ай хьо йоьшуш - ладуг1уш верг, нагахь рифма ахьа лехахь,
Хьуна поэт со вац хьуна, ахь лоьхуриг хир дац хьуна.
Хьуна Дэла веза лаахь, иза хьуна 1емар ма ду,
Ирсе ваха лууш велахь, иза хьуна карор ма ду.
Б1аьсте – 2006 шо



Хилларг

1.
15 шо ва хьалха, Дала Шен лаамца,
Б1аьргашна хьалхара 1илманан и пардо,
Ша д1а а даьккхина, айн-аль цу Иман чу,
Декъал, Ирсе вина, Дала и ваьккхира.

2.
Ялсманахь долу хьал шега схьа х1оьттина,
Дерриге долуш дерг, шен дагчу доьссина,
Мел долу дешнаш а, муха ду дийца ша,
Шаьш тоьар доцуш Ирс, цунна т1едоьссира.

3.
Цунна хаъа луург, Дала Ша хоуьйтуш,
Цунна ша лиънариг, Дала Ша хуьлуьйтуш,
Иштта и дуй шена, хаъа а ца хууш,
Массо а Ирсе ван, цунна ма лиира.

4.
Цунна и лиъна дерг, ша кхочуш хилийта,
Иза ша чекх вала, везарг мел хала ду,
Ша хууш ва волчу, Везачу вайн Дала,
Г1онна х1ара байташ, цуьнга язъяйтира:
Аьхке – 2006 шо



Новкъа Валар

1.
Вон Дикий ца къестош Къинхетам беш волчу,
Къематан цу дийнахь Къинхетам бен волчу,
Мел чехка д1а эхарх, цхьа а шен йист йоцу,
Х1ара дуьне кхоьллинчу Дала вайн хастам бу.

2.
Дуьненан 1есалло шайн дегнаш бехдина,
Шайн Дэла вицвойтуш дуьнено 1ехийна,
Вовшашца хьаг1 – гамо, цабезам лацарна,
Дицделла адамаш шаьш махкара лаьхкина.

3.
Везачу вайн Дала Шен Синах Са делла,
Ломал а аьчгал а шаьш ч1ог1а хиларна,
Къар ца луш шайн Дэла, Мохк а ца бицбарна,
Цхьаъ хилла адамаш тиларах девлира.

4.
Дегнаш ц1ан даларна Къинхетам Ша бина,
Вайн Дайша ларбина Мохк юха ва белла,
Куралла, сонталла шайха д1а къастийна,
Г1иллакхан хама хиъна Вайнах ц1а кхелхира.

5.
Дуьненан бахамаш дош доций ва хиъна,
Даймехкан, Къоман а, кхоьруш х1у хадарна,
Даймехкан Сий лардан, т1аьхье кхион г1ерташ,
Вайн Дайша – Наноша шайн Синош дицдира.

6.
Даймехкан лаьтта т1аьхь, г1ийлачу Ден – Ненан,
До1анаш ва хезна, до1нашна жоп делла,
Мискачу доьзалехь, Са тийссина хьаша,
Дуьненчу ваьккхира Вайнехан жима к1ант.

7.
И жима хиларна ша мукъа витина,
Дика ву бахарна вон хила Эхь хеташ,
Г1иллакхаш, Камаьршо, Дас – Нанас 1амийна,
Нах безаш дог ц1ена и кхуьуш ма вара.

8.
Массанхьа массар а Беркатен ву бохуш,
Массар а бохучух ша тешаш хиларна,
Массо а х1уман т1аьхь шен аьтто а хуьлуш,
И хаза жималла йедда д1а йелира.

9.
Дуьненан х1уманан баланех ваьккхина,
Зенах а зулмах а цу Дала Ша ларвеш,
Камаьрша хиларна, бахамаш ца гулбеш,
Нахана Г1о дарна Дала и ларвора.

10.
Хазачу дуьненах Са мукъа шен долуш,
Х1илла ца довзарна, тешнабехкаш дойтуш,
Царех ша цецвуьйлуш, ша эг1аз эхарна,
Малх санна ц1ена дог, макхдалан дуьйлира.

11.
Вончарна пебетташ Диканаш лехарах,
Шен санна амал йерг, шена кхин ца карош,
Шен чуьра шенчера, харцонаш ца лалуш,
Дуьненах чам баьлла и Деле кхайкхира.

12.
И Деле кхайкхира г1ийлачу ойланца,
Цуо цуьнга хоьттура: «Вуй техьа Хьо?» - бохуш,
«Хьуо велахь кху нахе, инзара харцонаш,
Йуьйцуьйтуш со кхаьрга к1ел х1унда вуьтуьйту?»

13.
Мухха хьахийна а, Ша хьахор дезачу,
Ойланца Ша цунна, Дала жоп делира:
«Нах хьайха ца кхетарх, цаьрца хьуо ца нислуш,
Ахь айхьа лаьцна некъ, церанчух ма хийца!

14.
Цу нахаца Дика, хьо хила г1ертарна,
Ахь царна Г1о дича, хьо Дика хетийта,
Ша делла рицкъанца, ахь царна Г1о дарах,
Ахь Дэлан ца бо хама, цаьргара ма беха.

15.
Цу нахе и харцо ахь айхьа йуьйцуьйту,
Дуьненан бахам т1аьхь ахь Бакъо лехарна,
Вийна а ваьккхина, лаьцна стаг ца хилчи,
Ма сиха вуьйхи хьо, хьайн ойла 1аржйина!

16.
Шен Дэлах Эхь хетта, эцца цкъа ц1ийвелла,
Собарца, Г1иллакхца, ницкъ буьйла ва хиъна,
Къинт1ера валарца, ойла шен ц1ан-йина,
Цу Дэлан кхелана и реза хилира.

17.
И Дэла ша хьехош, Са мукъа шен долуш,
Назмашка ладоьг1уш, ша велха ва воьлхуш,
Шен Деца-Ненаца, доьзалца и тайчи,
Дуьненан рицкъанах и вузан вуьйлира.

18.
Дуьненан бахамаш ша хуьйцуш ша лелош,
Массо а х1уманан бала д1а айбелла,
Хиллараш дага оьхуш, ойлане ша ваьлла,
И Дэле кхайкхира: «Жоп лолахь Ахь!» - аьлла,

19.
«Сел хаза сел мерза х1ара дуьне кхоьлли Ахь.
Шайн даге хьаьжжина, массо а лелий Ахь.
Хьекъал ца хиларна, наха шаьш 1ехийна,
Ойла вон йолчеран, х1у бехк бу алахьа?!

20.
Дуьненан х1уманах шаьш 1ана ва бахна,
Шайн хьекъал хиларна, мисканаш 1ехан беш,
Хьо вуйла хуъъушехь, Хьан фарзаш ца лелош,
1аш болу бехаш берш ма парг1ат бехи Ахь!

21.
Шега д1а хаьттинчо, харц дуьне ду олу,
Бакъдериг дуьненахь д1аг1ур дац ма олу,
Нийса дерг дуьненахь, д1а леларг ца хилчи,
Харцонна х1ара дуьне, Ахь х1унда кхоьллина?

22.
Чуьрканан т1омал а, дуьне а ца хилчи,
Сол вон а, Дика а, цхьа стаг а ца хилчи,
Нийсонца х1ара дуьне, Ахь нисдеш ца хилчи,
Хьо Дэла ву аьлла, Хьох муха тешар ву?

23.
Нахана доцуриг суна а ца оьшу,
Нах 1ехо кхоьллинехь, дуьне а ца оьшу,
Ша йохалур йолуш, и харцо ва йелахь,
Харцонна доьхьала, со х1отта ма волу!

24.
Доьххьал д1а нах 1ехон, х1ара дуьне кхоьллинехь,
Х1ара дуьне 1ехан да, нах 1амор ма бу ас!
Нийсо а Бакъо а, д1а х1отто некъ белахь,
Кхин х1ума ва ца деш, и лохур ма бу ас!»

25.
Цу к1ентан и кхайкхар, хезара вайн Далла.
Цу к1ентан хеттарех, воьлура и Дэла.
Цу к1ентан Камаршох, Са мукъа Шен даьлла,
Ойланца Ша цунна Дала жоп делира:

26.
«Бехачу цу нехан, ойланаш вон ма яц.
Церан ткъа Барт беш дерш, Сан Г1иллакхаш ма ду.
Церан аьтто беш дерш, Яхь Эзделла ма ю.
Мисканаш 1ехораш, шаьш жоп а луш ма бу.

27.
Цхьа болчу цу нехан, дегнаш 1арж ма делла,
Бехачу нахаца, хьаг1 – гамо а лаьцна.
Вончул а вон дериг, ойла вон ю церан,
Цундела вовший а, Далла а ца беза.

28.
Цхьаллига цхьан стага, Бакъ дуьне ца аьлчи.
Бакъ долчух дуьненахь, цхьа тешаш ца хилчи.
Нийса дерг дуьненахь, лелош а ца хилчи,
Бехк боцуш Сох бехкаш ахь х1унда доху те?

29.
Пайхмарша, асхьабша, устазша ца лайнарг,
Хьан г1ийлачу Сине, лалур дуй техьа к1ант?
Хьайн уггар чоьхьарчара, хьуо хьерваьлла баьхчи,
Къинт1ера хьо царна, вала лур вуй техьа к1ант?

30.
Хьайн нехан ца къестош Нийсо ахь лелаяхь,
Собар ца кхача деш новкъара ца вохахь,
Хьайна вон динчарна, Къинт1ера хьо валахь,
Дош ло ша хьуна к1ант Шен къайле хаийта.

31.
Харц вовшах тоьхнариг саг1ийна д1алолахь,
Хьайна оьшург хирг хиларх, Дэлах а тешалахь.
Дерриге хиънариг, ахь нахе д1а дийцахь,
Цу Дала хьайн аьтто берг хиларх тешалахь.

32.
Цу массо х1уманах ца къарлуш хьо валахь,
Ахь аьлларг цу Дала, дерг хиларх тешалахь.
Адамийн Барт бен дерг, Г1иллакх дуй хаалахь!
Далла т1е боьду некъ, Сийца буй хаалахь!
Аьхке – 1991 шо

20 куплетехь Бехаш берш аьлла буьйцуш болу нах – миска нах 1еха а беш, мискачу нехан хьакъ а дууш, хьарам рицкъа гул деш берш бу.

26 куплетехь Бехачу цу нехан аьлла буьйцуш болу нах – хьанал рицкъа а доккхуш, нах хьего х1умнаш а г1аланаш а ца йеш, нахана шайга далучух г1о а деш хьанал бехаш болу нах бу.


Хилларг - 2

1.
Цул т1аьхьа адамийн баланийн орамаш,
Цунна шаьш довзийта, и кхинойх ц1анван а,
Ца кхеташ цхьаннах а, кхарда ца кхардийта,
Харц дуьне довзийта, и кечван волийра.

2.
14 шо хьалха и, харц дуьне жим – жимма,
Цунна ша довзийта, Дала ма долийра.
Шена Элий хетта, Нохчий тилла байча,
Ша ч1ог1а цец ваьлла, и цаьрга кхайкхира:
Аьхке – 2006 шо


Нохчийчоь

1.
Со вина со кхиъна хьомсара Нохчийчоь!
Дерриге Г1иллакхаш чохь долу Нохчийчоь!
Дуьненан дог ду хьо, Яхь йолу Нохчийчоь!
Сан ойла хьоьца ю, Турпала Нохчийчоь!

2.
Хьан Эзда адамаш шаьш 1еса ма девли,
Цу Дэлан Г1иллакхех, х1илланаш ва хилла,
Диканца йолу Яхь, хьаг1 хилла д1а х1оьттий,
Собаран Турпаллех, сихаллин ч1ург хили.

3.
Дуьнено 1ехийна вовшеха ма дехи.
Да – Нана, йиша – воша, вовшашца ма ийг1и.
Куралле, сонталле, шаьш эша дайтина,
Цхьа Нохчий шаьш хилар, ма сиха аш дицди.

4.
Д1адовла ма къийса тайпанаш тукхамаш!
Д1а яккха даг чуьра, хьаг1, гамо, осалла!
Вовшашна массо а , Къинт1ера шаьш довлий,
Цу Далла шаьш муьт1ахь хилар аш д1агайта!

5.
Со вина со кхиъна хьомсара Нохчийчоь!
Дерриге Г1иллакхаш, чохь долу Нохчийчоь!
Собарца, Г1иллакхца, хьуо Турпал хиларна!
Дуьненна масала, хин йолу Нохчийчоь!
Б1аьсте – 1992 шо


Хилларг –3

1.
Харц дуьне девзаш и, к1орге мел вели а,
Ч1ог1а ша цец вуьйлуш инзара и ваьлчи,
Тешамах и ваьлчи, х1аллак ца хилийта,
Дала х1ара байташ, цуьнга язъяйтира.
Аьхке – 2006 шо

Переходим на следующую страницу: Мои Стихи о Пути на Чеченском языке - Часть 2


Назад   Вверх   На главную  На следующую

Скачать бесплатно Книгу Вся Правда о Чеченцах или Секрет...

01.11.2010